Ма холчахь хилла Нохчийчоь 1944 шарахь кху дийнахь.Ма холчахь хилла Нохчийчоь 1944 шарахь кху дийнахь.

23.02.2019

Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Хьайбахехь дагийначу адамийн сина, Сибрехахь г1орийначу адамийн къина. 

Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Хьайх хьоьгуш кхелхинчу цу къанойн сина, Даймахкахь каш доцчу нохчичун къина. Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Мацалла эгначу берийн ва сина, Уьш мара къийлинчу нанойн ва къина. Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьо тахна мел ирсе белахь а белхалахь, Нохчичун дог тахна доьлхуш ду хьуна, Хьо белхарх хьох кхарда цхьа а вац хьуна.